ПIераскана Оьрсийчоьнан эскарша Iамораш долийна шаьш 2014-чу шарахь Украинера аннексица яьккхинчу ГIирмехь а, цуьнна гергарчу Iаьржачу хIордан хишца а, РИА-Новости агенталло хаамбарехь. Оьрсийчуьра сихха ГIирме кхача тIеман дакъош кхиийтар ю Iалашо.
2500 эскархо, 350 гIагIадиллина машен, десантан хIорда кема, хибухахула лела кема, дуккха а кхийолу техника а ю араяьккхина. ТIебогIучу баттахь шуьйрра дIахьор долчу Iаморийн юьхь ю хIинца йолийнарг. ТIеман министр Шойгу Сергей вара эскарийн болар Новороссийскехь лардеш.
Украино ГIирме шен иччархой хьийсабо терроран тохарш кечдеш, аьлла, бехкбиллира Киевна Кремло кху беттан юьххьехь. Украинано харцдира Путина кхайкхийна и дIахьедар. ТIаьххьарчу заманахь совдевлла Донбассерчу сепаратисташа ден герзан кхийсарш.
Кхаарийдийнахь Украинан президенто Порошенкос шена хетарехь Оьрсийчоь тIамца чуяржа кечлуш ю шайн махка, ГIирмехь оьшуш лаьтта хьал, пачхьалкх кийча хила еза тIамна аьлла шен махкахошка.