ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

11 Олимпан дашо мидал яьккхина Болт Усейна


Ямайкера Болт Усейн шоьтадийнахь иссазлагIа а Олимпан чемпион ваьлла шен махкарчу бовдархошца цхьаьна йоьазза 400 метран эстафета яккхарца. Бовдархойн оцу кепехь ямайкаша тIахьабитина японхой, ткъа кхоалгIа баьхкира финише канадахой.

Иштта тIаьхьакхиина шен исс дашо мидалца Болт Усейн Iамеркахойн гоьваллачу вадархочунна Льюис Карлна. Рио-де-Жанейрорчу къовсамашкара ваьлча, тIедогIучу шеран дуьненан чемпионатехь дакъа а льцна, ша спорт юьту, дIахьедина Болта. Дуьненан чемпионаташкахь 11-за тоьлла иза.

Карарчу ханна уггаре дукха дашо мидалш яьхнарш Iамеркан Штатийн спортхой бу – 38. Британи ю шолгIа – 24 дашо мидал, кхоалгIа Китай – 22 дашо мидал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG