ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан "куралло" нахала яьккхина ТехIеран


I
I

ГIажарийчоьнан Хамаданерчу кеманийн базанах пайдаэцар дитина Оьрсийчоьно, хаамбина Тасним агенталло ТехIеранерчу дипломатийн векална Гасеми БахIрамна тIе а тевжаш.

«Оьрсийчоьнан тIеман операци чекхъялла, кхин яц цуьнан ГIажарийчохь авиабаза», - аьлла Гасемис. Шемарчу тIемалошна тIе тохарш деш ша Хамаданерчу базанах пайдаоьцийла Iорадаккхарна Оьрсийчоь бехкейира оршотдийнахь гIажаройн тIеман министро ДегхIан Хьоссайна. Москох «куралла тоха» гIоьртина, «Оьрсийчоь ницкъала пачхьалкх» ю алархьама, бохура ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телевизионехула ДегхIана.

Ткъа дахначу кIиранах оцу мехкан парламентан спикеро Лариджани Iелас дIакхайкхийнера, ГIажарийчохь цхьа а база яц Оьрсийчоьнга елла, ТехIерано Москохца еккъа дIа «регионан проблемаш» цхьаналистаррий бен, Шемица доьзна юкъахь лелош хIумма а дац, аьлла.

Амма оцу юкъанна Оьрсийчоьнан тIеман министралло дуккхаза а хазийнера шен СУ-34 кеманаш Хамаданера гIовттий тIом беш ду «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашна, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG