ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу шина нохчочунна тезет ца хIоттадойту


Нохчийчуьрчу бахархошкара кхочучу хаамашца, Мохкохна гена доццуш вийначу шиннах Мурдалов Iусманах а, Исраилов Сулимах а тезет хIоттор дихкина низамхоша.

ВаларгтIера вара ши жимха. Юьртахоша дийцарехь, Москох болх лаха вахана хилла иза шиъ, амма кIира хьалха вийра, некъатIерачу полисхойн ханна тIелетта аьлла. «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца зIенехь а волуш, цуьнан лаамца дина шимма зулам, аьлла даржийна Iедало.

Даима нислуш ма-хиллара, белларш дIабохка дIа ца белла гергарчаьрга, террорхойн декъий дIалуш дац бохучу Оьрсийчоьнан низамна тIе а тевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG