ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан президент реанимацехь


Узбекистанан президент Каримов Ислам дарбанан цIинйе кхачийна хьечу цIий иккхина. И хаам баржийна Инстаграм, Фейсбук социалан машанашкахь президентан жимахйолчу йоIа Каримова-Тилляева Лолас. Цо чIагIдарехь, Каримов реанимацехь ву. КIирандийнахь Узбекистанан официало хаийтира, Каримов дарбанан хIусаме охьавилларх, амма хIун бахьанашца виллина къайладаьхьнера.

Йозуш йоцчу Узбекистанан президентан могашаллех хIокху 25 шерачохь Iедало дуьххьара информаци Iораяьккхина аьлла, яздо тергамчаша.

Гезгамашин хьалхарчу дийнахь Узбекистан йозуш йоцу пачхьалкх хилла 25 шо кхачаран даздаршкахь дакъалаца лерина вара Каримов Ислам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG