ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караулова Варварин дов листина бевлла


«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета йоьдучу новкъара лаьцна юхаялийначу Москохарчу яхархочун Караулова Варварин дов листина бевлла Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахой аьлла, дIахаийтина цуьнан адвокато Бадамшин Сергейс. Дахначу шарахь дуьйнна лаьцна, чохь яллош ю Караулова.

Юьхьанца ша бехке хиларна мукIарло динехь а, тIаьхьо ша мел дийцинарг харцдийра йоIа. Адвокато Бадамшин Сергейс чIагIдарехь, талламчаша сихбо йоьIан агIончаш цуьнан гIуллакхан материалийн дуьхье кхиа, массо артикл еша а, листа а бутт гергга хан оьшу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG