ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бишкекехь Китайн векалтна тIелетта


Шинарийн Iуьйранна Iожалхочо хаьхкина машен тIетоьхна Бишкекерчу Китайн векалтан кевнашна, аьлла хаамбо ГIиргIазойчоьнан премьер-министро журналисташка.

Оцу тIелатарехь Iожалхо ша велла, кхаа стагна чевнаш йина. Азаттык гIиргIазойн сервисо бечу хаамашца, векалтан белхахошна зен ца дина.

ГIиргIазойчоьнан могашаллин министралло бахарехь, лазийнарш мехкан бахархой бу. Пачхьалкх йозуш цахиларан 25 шо кхачарна леринчу даздаршна, махкахь кхерамзалла чIагъян Iалашо ю цигарчу Iедалан.

Зуламхочун цIе хаамашкахь йостуш яц, талламан белхаш дIахьош бу полисхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG