КIирандийнахь дуьйнна инсульт хилла дарбан цIийнехь латточу Узбекистанан президентан Каримов Исламан могашаллин хьолах къастамзалла долчу муьрехь, махкахь еарийдийнахь Узбекистан йозуш цахиларан 25 шо кхаьчна.
1989-чу шарахь дуьйнна президентан даржехь волчу куьйгалхочун Каримовн могашаллех официалехь дуьйцуш ца хиларе терра, юкъараллехь дIайоьдуш дискусси ю президент даржера вохон цуьнан го гIоьртича санна. Узбекийн хаамийн гIирсашкахь, официало бакъ ца йина Каримовн валар кхайкхош информаци яьржира.
Социалан машанехь президентан йоIа тоьшалла дира, шен да хьечу цIий а доьсина, реанимацехь ву аьлла. Ташкентехь хIора шарахь а сагнна, кхушара а Узбекистанан йозуш ца цхиларан даздаршкахь дакъалаца декхаре вара Каримов Ислам. Амма кху шара оцу денна лерина концерт а, кхин а самукъане барамаш дIабахьар махкахь дихкина. Президентан цIарах пачхьалкхан телевизионехь кхаарийн суьйранна дикторо кхайкхам бира, къам декъалдарца.
Деза де герга кхочуш Узбекистанан премьер-министро Мирзияев Шавката дакъалецира Ташкентерчу пачхьалкх йозуш ца хиларан, гуманизман монументна зезагаш дохкучу барамехь.