ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Мартагов Руслан вайна Нохчийчохь


66 шо долу Теркйистера вахархо, журналист, политик Мартагов Руслан Нохчийчуьрчу зорбан министралло вовшахтоьхначу кхеташонехь дакъалаьцначул тIаьхьа, министарца Умаров Джамбулатца къамел а хилла, таксица цIа воьдуш вайна, хаамбо «Новая газетано». Махкарчу полисхошка хаам бина шайн стаг варах лаьцна Мартагов Русланан гергарчара.

Иза дика вевзаш ву политик а, шен амалехь журналист а санна. Кадыров Рамзан мехкан куьйгалле хIоьттичхьана гуттар критика йора цо Iедална. ТIаьххьара Мартаговс емалдинарг ду, Кадыровс а, цуьнан гоно а телевизионехь дуьненна а гойтуш шен дуьхьалончийн бартхаттар, царна тIехь гIелояр, оьрсийн бакъоларъярхошна, журналисташна а тIелатарш дар.

Мартагов дIавар оцу бахьанашца дузу цуьнан гергарчара.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG