ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаьжойн коьрта де


СаIуда Iаьрбийчохь хIиттийначу шогачу кхерамзаллин хьелашкахь хьаьждеш бу I, 5 миллион бусалбанаш. ТIехь тоьгана доцчу духаршкахь цара шоьтадийнахь 5 чаккхарма некъбира Маккара Мина – I400 шо хьалха Мохьаммад-Пайхамара (IалайхIи салам) ма-барра. КIирандийнахь сатоссуш Маккина 20 чаккхарма юьстах лаьттачу Арафат ламтIе некъ бийр бу хьажоша.

Стохка цу муьрехь адам тIетаттаделлачохь бIеннаш белла хилар дага а лоцуш, СаIуда Iаьрбийн махко совъяьккхина кхерамзалла - хIораннан куьйгах дихкина стаг вовзийта а, нехан гатто ца хIоттаялийта а лерина хIоз. GPS-ситемица йозаелла зIе латтайо оцу хIазарша. СаIудерчу суннаташца ийгIина йолчу ГIажарийчуьра нах ца баьхкина хьаждан. Пхеа фарзах цхьаъ ду бусалбанна шен оьмарехь цкъа дина а хьаьждар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG