ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь некъан хьовзамехь вийна республикин куьйгалхочун хьехамча Торшин


Нохчийчоь -- "Ночные волки" байкерийн тобанан декъашхо, Стиг. 30, 2015
Нохчийчоь -- "Ночные волки" байкерийн тобанан декъашхо, Стиг. 30, 2015

Нохчийчохь Невра-кIоштахь некъан хьовзамехь вийна «Альфа» олучу лерринчу тобанан хьалханча хилла республикан куьйгалхочун хьехамча Торшин Юрий. Торшин хилла Harley-Davidson олучу кхаа чIурга тIехь йолчу мотициклна тIехь хахкавелла воьдуш, цунна хьалха йоьду мотоцикл хаьрцаш аьлла, хаам бина "Российская газето".

Кавазский узел сайто дийцарехь, Торшинца некъан хьовзам хилла «Ахмат» олучу латархойн клубо вовшахтоьхначу хахкадаларехь. Оццу хьостано бинчу хаамца, оцу некъан бохамехь лазийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гIаролхойн куьйгалхо Висмурадов Абузейд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG