Украинин инарлин прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийна чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Аваков Арсенна дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бина «24» олучу телеканалана ша еллачу интервьюхь Украинин инарлин прокуроро Луценко Юрийс. Цо дийцарехь, гIуллакх схьадиллина Коррупцина дуьхьало яран центран куьйгалхолчуьнан Шабунин Виталин дехарца.
Аваковс цу хьокъехь комментари йина яц. Цхьаболчу хаамашца и гIуллакх цхьа а тIаьхьало а йоцуш дIадерзо мегаш ду, министран бехк ца хилла аьлла.
Баханчу баттахь Украинин Лаккхарчу Радехь регистраци йина Аваков министран даржера дIаваккхарх лаьцна болчу сацаман проектана. Цу тIехь дуьйцуш долу бахьана ду коррупцица къийсам латтош иза гIорасиз хилар.