ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппо гуманитаран гIо дIа ца кхочуьйта Шеман эскарша


Шема -- Шеман Туркойчоьнца долу доза хадош ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаллан машенаш, Гезг. 16, 2016
Шема -- Шеман Туркойчоьнца долу доза хадош ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаллан машенаш, Гезг. 16, 2016

Шемарчу Алеппон кIошташка гуманитаран ковраш кхачарна новкъарло ма яйта Шеман Iедалан эскаршка аьлла кхайкхам бина Iамеркин Iедалша Оьрсийоьнан куьйгалхошка. Нагахь иза ца дахь шаьш сацор ду Шемахь Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш лелор аьлла варе йина Кремл КIайча ЦIано.

Цунах лаьцна Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона хаам бина телефонехула къхамел деш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга. Цунна хетарехь, Москохо Iаткъам бан беза Димашкъана тIемаш сацош бинчу бертан уггаре а коьрта биллам (Алеппо гуманитаран гIо дIакхачийтар) кхочуш байта. Шемахь цхьана ханна тIом бар сацийна пхи де хьалха.

Амма Шеман Iедалш духьалонаш яр бахьана доцуш гуманитаран гIо эцна яхана машенаш аьтто боцуш йисина Алеппон оппозицино дIалаьцначу кIошташка кхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG