ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь нах лецна


Ассошиэйтед Пресс агенталло оршотдийнахь бечу хаамашца, туркойн полицино шайн махкахь кхечу пачхьалкхийн 40 вахархо лаьцна «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанца зIенашкахь хииларца. Истамбулерчу Фатих кIоштарчу 23 адресца цхьана хеннахь рейдаш дIаяьхьна полисхоша.

Лецначарлахь бу Азербайджанан, ГIажарийчоьнан, Иракъан, ОвхIанистанан бахархой. Полицино билгалдоккхарехь, царех цхьаберш масийттазза Шемахь хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG