ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь лелхийтарш дина Рахьами лаьцна


Iамеркарчу Нью-Йоркехь, Нью-Джерсехь бомбанаш яхкарна шеконехь латтийна овхIанхойх схьаваьлла Iамеркара вахархо Рахьами Ахьмад лаьцна хиларх хаам бо NBC News телегойтийло, полисхойн хаамашна тIе а тевжаш. Полицин лаккхарчу даржхочо телехьожийлехь дийцарца, Рахьамин пIелгийн таммагIанаш гучудевлла цхьана оьккхучу герза тIехь.

Цул совнаха, талламчаша зуламхочуьнца дузу лелхийтинчу герзашна тIехь цуьнан телефонан лоьмарш хилар а. NBC News телегойтилехь Iедалхочо билгалдоккху, бехкехетачун «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца уьйраш хиларан цхьа а билгалонаш хааелла яц аьлла. Шоьтадийнахь 29 стаг а лазош Манхэттенерчу Челси кIоштахь дина эккхийтар.

Иштта кIирандийнахь Нью-Джерсехь марафон йолалучу хенахь иккхинера ша кечдина герз. Лазийна, велла стагга а вац. Марафон юкъахъяьккхира. Твиттерехь ФБР-о Iорадаккхарца, лаххара а 5 стаг вара теракташ дарна шеконашца лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG