Москох нускал далош машенчуьра ара герзаш кхийсарна балхара вохийна Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан прокуроран гIоьнча Гучигов Мохьмад. Республикан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпудис кхаарийдийнахь куьйгяздина Гучигов балхара мукъавоккхуш.
«Прокурорана тешаме хила йина чIагIо йохорна, прокуратурин белхахочун сий дойу ледарлонаш йовлийтарна» аьлла бу буьйран чулацам, яздо «Интерфаксо».