ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цуьнан иллеша дахчадора нохчалла


Нохчийн халкъан иллиалархо Дагаев Валид.
Нохчийн халкъан иллиалархо Дагаев Валид.

Дагаев Валидан 75 шо кхачаран юбилей кху шеран чиллан - баттахь дIаяхьира. Цамгаро ша хьийзош велахь а, нохчийн духар а доьхна, шен амалехь дечиг-пондарца иллеш олуш вара иза.

Цунна гIоьнна баьхкинчу артистийн эшаршка ладоьгIна бовлушшехь тIараш детта буьйлалора зал юьззина хьовсархой.

Валидан илли дIадаьлча, жимма соцунгIа а хуьлий дехха зевне тIараш деттара.

Хаалора, цо шен иллешкахь дуьйцучунах нах кхеташ хилар а, цара кIорге ойланашка уьш бохуьйтий а.

Хаам кхаьчна нохчийн культурехь уггаре а къеггина хилла седа Дагаев Валид дIаваьлла аьлла.

Валида шех тIаьхьа ала дика дош доцуш дIа ца ваха. Иза шайна, леларца а, тIера духарца а, амалца а, кIеда-мерза нахаца хиларца а, шайна масал дара аьлла, цуьнах дош элира белхан накъосташа.

Иллиалархо Дудаев Зеламха ву дуьйцуш.

Дудаев: «Дала гечдойла, Валидна! Иза дIавалар, чIогIа эшам бу вайн културана. Ша оцу некъа тIеваьлча дуьйна, корматалла а йолуш, нехан деган чу а вижина, лара а лоруш, схьавеъна ву иза. Оьзда а волуш, воккха а , жима а къстош, схьавеана ву иза».

Композитора, байтанчас, иллиалархочо Усманов Iимрана халахетарца билгаладаьккхира Дагаев Валидера корматалла схьаэцна тахана цхьа а вац аьлла. Цуьнца вайн историйн цхьа йоккха киртиг дIаяха, элира цо.

Усманов: «Дагаев Валид дIавалар йоккха киртиг дIаели вайн культурехь. Селхана а, тахана а цуьнга ладугIуш Iаш ву со. Шен кепехь, цхьаннах тера а доцуш, схьадеъна цо нохчийн иллеш. Новкъа хета, цхьаммо а цуьнан некъ схьа а лаьцна, дIахьош боцу».

Дадашева Тамарас а элира дIакхелхинчу Дагаев Валидах довха дош. Иза санна верг кхин вайн културехь хенахь гучувалахь а тамаш хета цунна.

Дадашева: «Вайн къоман культурехь,50 шарахь сов къеггина седа дIабай. Куьцехьволу илланча, вайн къома культуран тхьамда декъал хилла тахана. Цуьнан иллеш лаьттара ду деххачу шерашкахь. Дала декъал войла хьо, Валид!"

1940 шарахь, Казахстане нохчийн къам дIадохадалле БухIан-юртахь дуьнен чуваьллера Дагаев Валид. Бералла ша ерриг Казахстанехь дIаяхана цуьнан. Мукъаме безам, цо ша дийцарехь, шен ненера схьаэцна хилла цо. Цо бечу узамашца хьалакхиъна иза.

Дечиг-пондар эца таро йоцуш, дуьххьара цуьнан инструмент хилла еккъа цхьа дечиг. Иза пондар санна хьала а лоций, цу тIе пIелгаш доьттуш Iаьмма, ала мегар ду жима Валид. Шен гергарчара 60 сом а делла, оцу хенахь доккха ахча а хилла иза, балалайка эцча, цулла ирсе де хилла а дац хIета Валидна.

Дукха хан ялале, пондарча Дагаев Валид, мукъа а ца вуьтуш, синкъерамашка кхайкха волийна.

Цигара гIараваьлла Нохчийн-ГIалгIайн эшаран а, хелхаран а ансамбле балха схьаэцна.

Иза 1957 шарахь хилла. Цигахь 1968 шарахь иза Нохчийн-ГIалгIайн филармони балха вахна.

Валида машаран стаг вара. Цуьнан репертуарехь яра нохчийн, гIалгIайн а, казахийн а, гIиргIазойн а, гIумкийн а, гуьржийн а, Iарбойн а меттанашкахь цо ша дIаолу эшарш.

Дуьйцуш дара гуьржашна церан маттахь цо илли аьлча, концерт чекхаьялча Валидан тIевеана хилла ши гуьржи. Юккъе машен а йиллина къовсавелла хилла и шиъ, хIара шайн къомах ву аьлла.

Валидан иллеш, къоман лааме хьажжина дара. Синтем лора цара, хала киртиг тIехоьттинчу нохчашна.

Жималлехь лайна баланаша Дагаев Валидан могашалла талхийнера.

БIаьрса жима волчу дуььйна дIадолуш хилла цуьнан. Мел дарба лехарх кхин гIуллакх ца хиллера цуьнан.

Ехха хан яра иза цхьамо куьг лаьцний бен дIаса ца вахлуш. Цуьнга цкъа цхьа геннара воцучу журналиста хаьттира:

-Хьуна хала хетий, хIара маьлха дуьнена серло ца гуш, -аьлла.

–Кху дуьненахь лаьтташ дерг-м гуш ца хиларх-м мегар со, хезаш дерг мукъне а хезаш ма деларе,-аьлла жоп делира цо.

XS
SM
MD
LG