ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца норкоманашна тIеверза воллу Кадыров


КIомал юхкучаьрца а, и махка кхачочаьрца а, цунах бетталучаьрца тIом боло лерина ду Нохчийчуьра Iедал. Махкахь терроризм а. вахабхойн болам а санна, и зулам буххера дIадаккхар маьIне хилар дIакхайкхийна официалан тIегIанахь.

Нахана дика дагадогIу гIаттамхойн могIаршкахь леллачарна а, цаьрца тIекаренаш лелийнчарна а, ур-аттал церан юххера гергарчарна ницкъаллин структураша бина луьра тIеIаткъамаш: хIусамаш чохь Iойла дойуш а, махках а бевлла, кхин амал бар тIедожош а.

Наркоманица доьзна хIинцца-хIинца официалан тIегIанахь дIахьедар дичхьана махкахь керла таIзаран мур болорна кхоьруш бу цхьамогIа бахархой.

Цара иза дузу мехкан куьйгалхочуо ницкъаллин структурийн гуламехь диначу дерачу дIахьедарца.

«ХIинццалц схьа республикехь маьIне яра «Террористашна а, вахабхошна а Iожалла, наркотикашна-хIан-хIа», боху лозунг. Талорхошца а, вахабхошца а вайн цхьалхо яьккхина, дуьненахь жамI доцуш хIинца цаьрца баллош къийсам белахь а.

Тахана вайна халонга яьлларг наркомани ю. И бахьнехь кегийрхой белла меттигаш а ю. Вайна хIора а стеган дахар ду мехала. Пачхьалкхан кхечу кIошташкахь долчу хьоле хьаьжча, цу декъехь кхузара сурт хаъал бIегийла делахь а, кхузахь цхьа наркоман бен вацахь а, иза боккха эшам бу махкана».

Ишта дIахьедар хааме даьккхина мехкадас Кадыров Рамзана. Цунна хетарехь наркомани а,тайп-тайпана корта дIонгIаз боккху молханаш мийлар а, кхетам галбоккху мехий деттар а юкъараллина терроризме нисса зулам ду.

Тахана и зулам саца ца дахь, мехкадена хетарехь, кху тIаьхьарчу шерашкахь мел баьхна кхиамаш эрна хир бу.

Цо пачхьалкхан а,мехкан куьйгалхочун а админитрацин хьаькам Кадыров Ислам декхаре вина цу зуламца къийсам балло некъаш лаха.

Наркотикаш а, наркоманаш а хьокъехь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин белхошца дIаехьначу кхеташонехь дина и бегашена доцу дIахьедар бахьнехь, нехан ладегIам совбаьлла.

Ма-дарра аьлча, уьш кхоьру цунах бахьна а дина ницкъаллин структураша махкахь керла таIзаран мур болорна.

Хьалхо хилларг карла а доккхуш, цунах шена хетарг довзуьйтуш ву Заводан кIоштера пенсахо Сайдулаев Муса.

Муса: «Республикехь хьехо даьккхина наркотикаш юхкуш-оьцурш а берш а, дIаьвше молханаш а лелош берш а, церан гергарниш а жоьпе ийзо беза махкарбахар биста кхаччалц.

Арабаьхча уьш мича баха беза, баха меттиг ю церан? Цул а цунна догIуш долу таIзар дехьа низамо ма-бохху. Дас я нанас шен доьзалхочуьнга леладойтур ма дац галдаьлларг.

ТIемало вуй, вахабхо вуй, маж –мекх нийса даций бохуш дукха лела ма дина кху чохь маьттаза хIумнаш. Мел таIзарш дина. Оьрсийчоьнна ма- эшшара дIахIоттош ю-кх хIара Нохчийчоь.

Кху чохь мила вита гIерта - те уьш? Чохь нохчо а воцуш Нохчийчоь езаш Оьрсийчоь а яра. Цу тIе догIуш ду-кх хIара».

Наркотикаш а, цунах пайдаоьйцурш а юьхьарлаца дагахь Iедалдайша динчу дIахьедарх шена хетарг довзийтина Сайдулаев Муса а, и санна кхиберш а теша лууш бу, наркотикаш юхкуш, пайда беш берш а, цунах а, кхечу дIаьвшечу молханех бетталуш берш а жоьпе ийзабарал сов, церан гергарчаьргахь харц тIеIаткъам беш, гIело яллор яц аьлла.

И тайпа кхерам бух боллуш бу. ХIунда аьлча, кхин дIоггара гена кхийда а ца оьцуш, вайнахана дайна хIумнаш ду, куьгбехке лоручийн гергарчеран хIусмаш йохийна а, ягийна а, ткъа цхьаберш махках баьхна а.

XS
SM
MD
LG