ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Володин Вячеслав Думин спикер хила лаьа Путинна


Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думин коьрте Володин Вячеслва хIоттаве аьлла тIедиллина президенто Путин Владимира. Президентан администрацин куьйгалхочун гIовс Володин оцу дарже хIотто Кремлан Iалашонех де хьалха хаамийн гIирсашкахь а дийцира. Харжамашкахь пачхьалкхан Думе чекхбевллачу депутаташца хиллачу цхьанакхетарехь шинарийдийнахь Путина билгалдаьккхира, Думин спикер къастор депутаташа шаьш бан безаш харжам хилар, амма ша а, премьер-министро Медведев Дмитрийс оцу дарже Володин Вячеслав хIоттор доьху аьлла.

2011-чу шарахь дуьйнна, Сурков Владимра мукъадаьккхинчу Оьрсийчоьнан президентан Администрацин куьйгалхочун гIовсан даржехь ву Володин Вячеслав.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG