ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтонехь тIелатар дина


Вашингтонерчу йохк-эцаран туьканахь вевзашвоцчо герз диттина пIераскана буса. ЭйБиСи Ньюз телеканало бечу хаамашца, 4 стаг велла, цхьаъ чIогIачу хьолехь дарбан цIийнехь ву. Полицин орца кхачале тIелатархо динчун вада аьтто баьлла. ДIаязйинчу видеотIера схьаэцна тIелатарна бехкечун сурт дIасадаржийнчу Iедалхоша хаамбо, цуьнгахь топ хиларх.

Зуламдаран бахьанаш цкъачунна девзаш дац. Хьалхо Малхбузерчу Голливудехь герзаш диттина ши стаг лазийра. Кху аьхка Флоридерчу вахархочо Орландерчу гей-клубана герзаца динчу тIелатарехь вийра 49 стаг.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конституцино магадо шайн бахархошна маьрша герз лело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG