ТIекхочийла долу линкаш

Кху беттан 12-чу дийнахь Приора машентIехь баьхкинчу ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийна шен Германехь веха, Нохчийчу хьажа-хIотта веана кIант Саралиев Анзор аьлла, хаам бина «Мемориале» кIентан нанас Абдурзакова Санета.

Кеп-кепарчу чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматашка хаамаш бина Абдурзакова Санета, амма хIинца а цуьнан кIентан гIуллакх талламашка даьккхина дац. Харажамашна кечам бо а бохуш, ГIурбан деношкахь махкахь полисхойн рейдаш яра бахархошлахь дIахьош аьлла дIахьедира «Кавказан узел» агенталло.

XS
SM
MD
LG