ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархо Хаттар вийна Урдунехь


КIирандийнахь дин цаларарна бехкевен Урдунера керста яздархо Хаттар Нахьед, шен гIуллакх луьстучу кхелан кхеташоне чувоьдучу хенахь вийна. Хаттарна дуьхьал бекхтакхаме гIуллакх айдинера, бусулба дин сийсаздарца социалан медиашкахь цо яржийна карикатура бахьанехь.

Шемарчу президентан Асад Башаран агIонча вара Хаттар Нахьед. Яздархочо нахалаяьккхинчу карикатуритIехь маж йолу стаг ву зудчуьнца цигаьрка узуш, Деле шена малар а, кешью а тIея бохуш, дехардеш.

Дуккхаъчу Урдунера бусулбачарна оцу карикатурехь дин аьшнашдар карийра. Шуьйрачу гIирсашкахь карикатура авторо яржорца низам талхийна аьлла, Iедало жоьпе озийнера Хаттар Нахьед.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG