ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

87 къайлахчу сервисан белхахо даржашкара вохийна Туркойчохь, уьш яхначу аьхка карчамхошкахьа хилла аьлла. Айдина 52 бехкталламан гIуллакх. Хьалхо иштта ваьккхира балхара къайлахчу сервисо ша чоьхьара талламаш беш а 140 стаг.

Махкахь карчамбан гIоьртинчу, ша Iаьмерке шен каравалар доьхучу Гюленца юкъарлонашкахь хиларна бехкебо и нах Хонкаро. Шинарийдийнахь оццу бахьанийца лаца кхайкхийна Туркойчохь цхьана сагIадечу юкъарлонера 120 белхахо а. 18 кIоштахь рейдаш дIахьош ю полици.

ХIетахь, Товбеца-бецан беттан 15-чу дийнахь кхочуш ца хиллачу карчамехь вийра 241 вахархо. 18 эзар стаг лецира, иттаннаш эзарнаш белхашкара бохийра. Ткъа талламаш, лецарш дац севцца хIинца а.

XS
SM
MD
LG