ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистано машаре кхуьйкху шен къам


ОвхIанистанхойн эсехь кеп-кепара васт лелачу тIеман буьйранчас Хекматияра машаре кхайкхина шен къам еарийдийнахь, ша президентца ГIани Ашрафца бертан кехат хIотторе тIалибаш кхойкхучу телеэфирехь. «Машар а, стабилалла а езачу овхIанхошна кхаъ бохьуш ду вайн машаран дуьхьа лелориг, ас Деле доьху вайн пачхьалкх маьрша, цхьаннех йозуш а йоцуш, тIемех паргIатъяккха, вайна барт балар», бохура Хекматияра.

«ТIалибашна къастабала таро ю хIинца – тIом дIабахбо цара , я машар къастабо», элира оццу эфирехь президенто ГIанис а. Хекматияр Iедалан сацамца хьалха дийлинчу зуламех паргIатваьккхира дукха хан йоццуш. ГIанин администрацино дош делла тIалибех набахтешкахь бохку цхьаберш арахеца.

Массех бутт бу тIалибашца Iедало бертан къамелаш хьош долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG