ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пересан тезета бахара дуьненан лидерш


Израилехь президент лаьттина Нобелан совгIатан лауреат Пtрес Шимон дIавуллучу Байтал-Къуддузе (Иерусалиме) гулбелира иттаннаш дуьненан лидерш. Царалахь вара Iаьмеркан Штатийн президент Обама Барак а, палестинахойн хьалханча Iаббас Махьмуд а, Францин президент Олланд Франсуа а.

Герцля ломатIехь пIераскана дIавоьллина Перес. Цигахь 20 минотехь вистхиллачу Обамас элира, израилхойн сатийсам кхочушбина цо, ца хилла иза машар баржорах шегахь баьхна хьогам Iаьбна, амма дог ца диллира цо оцу машарх, къа а хьигира къад ца луш».

Инсултах велла 93 шо долу Перес Шимон кхаарийдийнахь.

«Перес оптимизмах, машарбезарх, Израиле болчу ларамах вуьззина ваьхна хиларан тоьшалла ду дуьненан лидерш шаьш долчу бахкар, элира тезетахь Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньамина.

Палестинхошца машар беш къахьегарна I994-чу шарахь делира Пересна Нобелан совгIат. Делахь а ца хIоьттира машар.

Тезетахь палестинхойн а, израилхойн а лидерша Iаббаса а, Нетаньяхус а куьйгаш делира вовшашка, довха дешнаш а олуш. Лурчаха дуьйна сецна машаран процесс лулахошна юкъара, 6-гIа шо ду ши куьйгалхо бертан къамелаш дан охьахааза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG