ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дутертес шех Гитлер ма вахьара, доьху


Филиппинан президента Дутерте Родригос дехна, ша Гитлер Адольфах тар цавар. И дIахьедар цо дина, махкахь наркоманина дуьхьал ша Гитлеран методашца тIом болор бу аьлла къамел дича, журналисташа а, политикаша а нацистийн лидерх ша тарван волорна.

Дутертен векало Абелла Эрнестос боху, миллионаш нах Холокостехь хIаллакбинчу чалтачца вустийла дац шен махкахь наркоманаш хIаллакбийр бу ша боху президент. ПIераскана Дутертес аьллера, Гитлера жуьгтий ма-байара, нарокманаш бойур бу ша Филиппинехь.

И дIахьедар емалдира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино а, Германино а, Iамеркан Штаташа а. Филиппинехь тIаьххьарчу масех баттахь вийна 3 эзар сов наркоман.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG