ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асад Башар рогIехь а хила торуш ду президент


Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона хила тору Шемин президент махкахь рогIерчу президентан харжамашкахь дакъалоцуш аьлла хета, нагахь санна оцу харжамийн тергоеш Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаци а, Малхбузера мехкаш а хилахь, хаамбо The New York Times.

Газетехь ю кIира хьалха Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеян кхеташонехь динчу къамелан аудио. Шемарчу оппозицица Керрин хилла къамел ду иза. Оцу аудиохь Керрис боху, шен аьтто ца баьлла Штатийн куьйгалла Шемарчу тIеман декъа оза, ткъа шайн пачхьалкх юкъаозаелча а дац хила дика.

Рейтерсо хаамбарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ Шемарчу гIаттамхошна герзаца гIодар дийцаредеш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG