ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медицинехула Нобелан совгIат делла Осуми Йошинорина


Япони - Осуми Йошинори. Токион Технологийн институтан профессор. Токио, Манг. 7, 2013
Япони - Осуми Йошинори. Токион Технологийн институтан профессор. Токио, Манг. 7, 2013

Нобелан комитето медицинехула совгIат делла Японерчу Iилманчанна Осуми Йошинорина. Цу комитетан сайто бинчу хаамца, Нобелан цIарах совгIат цунна делла дилхан цIелигаша шаьш шайн яъаран процесс - аутофаги - талларна.

Осумина совгIат дIалуш церемони хир ю СтокхIолмехь ГIура-беттан 10-чу дийнахь, совгIат кхоьллина Нобел Алфред велла 120 шо кхочучу дийнахь.

Кху шарахь Нобелан совгIатан барам бу 900 эзар сов доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG