ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров вен гIоьртина хиларх лаьцна хаам бина "Новая газетано"


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзна, Гезг. 23, 2016
Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзна, Гезг. 23, 2016

Кху шеран бIаьста Нохчийчохь Кадыров Рамзан вен кечлуш хилла цхьа нах. Цунах лаьцна яздо Оршот-дийнахь "Новая газетано".

Цо чIагIдарехь, и тIелатар кечдеш хилларш Беной тайпана кегийрхой бу. Цара эккхийта кечйина бомба йиллина хилла Кадыровн Бенахь йолчу хIусамехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхо вен гIортарна масийтта стаг лацарх лаьцна хаамаш кечна хилла газете кху аьхкан юьххьехь. Талламхошна гучуяьлла кегийрхоша гулйина хилла динна арсенал. Цара йина къело гучуяьлла хилла ларамаза.

Кадыров Рамзан Iедале веанчул тIаьхьа и тайпаниг мосуьйттоза хилла. Масала, 2010-чу шарахь тIемалоша тIелатар динера иза вехачу Хоси-юртана.

Кадыровн зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис Оршот-дийнахь дIахьедар дина цхьа а Кадыров "вен гортар хилла дац" Бенахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG