Немцов вийна, аьлла, лецначу нахана тIехь кхел йолийна Москох ГIадужу-беттан 3-чу дийнахь. Вевзаш волу политик Немцов вийра 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь.
Иза верна шеко йолуш лецнарш берш Нохчийчура бахархой бу. Амма цара Дадаев Заура а, ГубашевгIара Анзора а, Шадида а, Эскерханов Хьусайна а, Бахаев Хьамзата а тIецадуьту шаьш бехке хилар.
Талламхоша дийцарехь, Немцов вийначарна делла 15 миллион сом ($240,000).