ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин вице-президентан дарж къовсучара йийцаре йира шайн Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш

Iамерка -- Демократин партин цIарах кандидат волу сенатор Кейн Тим (аьрро) а, Республикан партин кандидат Пенс Майк а дебаташ дIахьош ву Фармвиллехь "Longwood University" университетехь, Вирджини, ГIад. 4, 2016.

Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш яра шайн дебаташкахь Демократин а, Респбликан а партийн цIарах Iамеркин вице-президентан дарж къовсучара йийцина бIаьрла тема.

Шина а кандидато дIахьедар дира мелла а майра жоп дала деза Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьненаюкъара кхерамазаллина кхераме долчу Оьрсийчоьно лелочунна аьлла.

Демократин партин цIарах кандидат волу сенатор Кейн Тим а, Республикан партин кандидат Пенс Майк а гIоьртира Iамеркин Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш шайн оппонентийн ледара меттиг хилар гайта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG