ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сургутехь дIаяьккхина Сталинан бюст


Оьрсийчоь -- Сургутера Сталинан монумент. 2016. Russia
Оьрсийчоь -- Сургутера Сталинан монумент. 2016. Russia

Вести.ру сайто бинчу хаамца, Сталинан йоьза бюст дIаяьккхина, дIаяхьийтина кхин йолу цу тайпа хIуманаш латточу меттиге. ХIинца муниципалитет дагахь ю иза дIайоккхург цуьнан долахошкара ахча даккха.

Iедалша сацам бина муниципалитетан лаьтта тIехь цу тайпа монумент хIоттор нийса дац аьлла.

Сталинан бюст Сургутехь схьайиллинера ГIадужу-беттан 15-чу дийнахь. Иттаннаш културан белхахоша емал дира иза дIахIоттор. ШолгIачу дийнахь цунна тIе басар тоьхнера муьлуш бу ца хуучу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG