ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппохь тIеман зуламаш дарна Путин бехкевина Сороса


Британи -- Сорос Джордж, Манг. 20, 2016
Британи -- Сорос Джордж, Манг. 20, 2016

"Йиллина юкъаралла" фондан долахочо Сорос Джорджа бехкейина Оьрсийчоь Алеппохь "историн чулацам болу гуманитаран катастрофа" хиларна.

Соросана хетарехь, Путин жоьпаллехь ву Оьрсийчоьнан кеманаша Асадан эскаршна гIортор еш Алеппохь маьрша бахархошна тIе бомбанаш еттарна.

И бахьана долуш цу гIалахь болх беш яц дарбанан хIусамаш, адамашна тоьаш дац хи, аьлла ду финансист а, филантроп а волчу Сороса шен фондан сайт тIехь динчу дIахьедарехь.

Сорос Джорджа кхайкхам бина Оьрсийчура а, дерриг дуьненера а къаьмнашка, юьстах а ца лаьтташ, Шемахь хуьлург бахьана долуш шаьш эргIад дахана хилар гайта аьлла. Юкъараллана хетачо Путине адамаллана дуьхьал зуламаш дар сацадойтур ду аьлла хета Соросана.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG