Низамаш лардон органаша тидам тIебахийта беза телевизионехула а гойтуш бераш летарна, аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс.
Бер тоьхна кхетамчура даккхар (нокаут) тIехула тIе иза телевизионехь а гойтуш бахьана ду хьакъ долчу органаша таллам барна аьлла Песковс журналисташка.
Оьрсийчоьнан берийн бакъонашкахула йолчу омбудсмено Кузнецова Аннас дIахьедар дина, ша таллам болийна аьлла Соьлж-ГIалахь бераш летийтар хьокъехь. Кузнецовас «Медуза» агенталле бинчу хаамца, цо хаттар дахьийтина хилларг хьокъехь Нохчийчохь волчу берийн омбудсмене.
Шинарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан кхо кIант (10 шо долу Ахьмад, 9 шо долу Зелимхан, 8 шо долу Адам) туьйлира Соьлж-ГIаларчу турнирехь леташ. Цунах лаьцна хаам баржийра Кадыровс шен Instagram-хь йолчу агIон тIехь.