Бундестаган арахьарчу политикехула йолчу комитетан куьйгалхочо Рёттген Норберта бехк Оьрсийчоьнна биллина Шемахь луьра тIеман зуламаш дарна. Цо кхайкхам бина Москохна дуьхьал санкцеш кхайкхорах доьзна хаттар дийцаре дан деза аьлла.
Политико дIахьедар дина цхьа а санкцеш а йоцуш, цхьа а тIаьхьало а йоцуш дита мегар дац «инзаре харц тIеман зуламаш дар» аьлла.
Рёттген депутат ву Меркел Ангелас куьйгалла дечу Керстан-демократин бертан цIарах. Германерчу «Зю́ддойче ца́йтунг» Süddeutsche Zeitung газетана интервью луш цо дIахьедар дина, тIеман зуламаш динехь царах тIеман зуламаш ала деза, иза угггаре а къезиг хIума ду Европе далур дерг аьлла.
Дукха хан йоцуш Алеппохь гуманитаран гIо эцна йоьдучу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Вовшахтохараллан каврана бомбанаш еттарна Iамерко бехке йина Оьрсийчоь. Цу хьокъехь Рёттгена элира, нагахь Оьрсийчоьно герз ца диттинехь а, иза политикан жоьпаллехь ю Шемахь тIом хиларна аьлла.
Меркелан партерчу депутатана Асад тоххара эккхийна хир вара аьлла хета, нагахь Оьрсийчоьно цунна гIо деш дацахьара.