ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемах лаьцначу резолюцин шен проект кечйина Оьрсийчоьно


Iамерка -- Нью-Йоркехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан хIусамехь зорбанан конференцехь къамел деш ву Оьрсийчоьнан векал Чуркин Виталий. Гезг. 2, 2015
Iамерка -- Нью-Йоркехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан хIусамехь зорбанан конференцехь къамел деш ву Оьрсийчоьнан векал Чуркин Виталий. Гезг. 2, 2015

Оьрсийчоьно Шемах лаьцначу резолюцин шен проект кховдийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоне, Францино а, Испанино а шайн проект кховдийначул тIаьхьа.

Мосокохо шен проектехь ша реза хилар хаийтина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Шемахь волчу лерринчу векало де Мистура Стаффана кечйинчу планана. Цу планаца а догIуш, Алеппон малхбалерчу кIошташкара арайохуш ю Оьрсийчоьно терроран лоруш йолу "Джебхат ан-Нусра" олучу организацин тIеман тобанаш.

ПIераскана дийнахь Оьрсийчоьнан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь волчу векало Чуркин Виталийс дIахьедар динера шаьш тIеоьцур яц Францино Алеппора хьолах лаьцна кечйина резолюци.

ПIераскан сарахь Лавров Сергейс ша реза ву элира де Мистурас дуьйцучунна. Амма Лавровс элира гIаттамхоша документ тIеэца деза «террорахошца» шаьш кхин юкъаметтигаш лелор яц аьлла чIагIо еш.

Нагахь Москохо доьхург кхочуш дахь, элира Лавровс, шаьш кийча ду Башар Асадана Iаткъам бан, "Джебхат ан-Нусра" тоба герзаца Алеппора алаялийта аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Французийн дуьненаюкъара радионо.

Францино кечйинчу проектаца а догIуш, Алеппохь буьззинчу барамехь сацо дезаш ду герзаш деттар, доьхкуш ду цу гIалана тIехула кеманаш лелар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG