ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Онда Iаткъам ловш ву Трамп кху деношкахь


Трамп Доналд.
Трамп Доналд.

Кху деношкахь, президентан харжамаш хила цхьа бутт бисина а болуш, онда Iаткъам ловш ву республикан партин кандидат Трамп Доналд. Цунна критика еш бу Демократин партин векалш а, ткъа иштта Республикан партера цхьаболу политикаш а.

"Politico" портало КIирандийнахь хаам бина, кху деношкахь Республикан партин лидерш хуьйцуш бу шайн харжамаш тIекхочуш лелон стратеги. Цуьнан бахьана ду ши-кхо де хьалха Трампа зударий сийсаз беш къамелаш дина 2005-чу шарахь яьккхина видео гучуялар.

Цхьаболу Республикан партин къоман комитетан декъашхой дагахь бу цуьнан кандидатура президентан харжамашкара дIаяккха. Амма иза дан иштта атта хир дац. Кхьаьжнаш зорба тоьхна кечбина бу, ткъа цхьайолчу штаташкахь дIадоладелла кхажтасар.

ТIаьххьара болчу талламашца, Клинтон ХIиллари хьалхаяьлла йоьдуш ю Трампал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG