ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненко бакъво цуьнан агIончаша


Нохчийчохь дIадаьхьна берийн летарийн хьокъехь ММа-н паргIат летарийн союзан куьйгалхочун Емельяненко Федоран Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца а, цуьнан гонаца хилла конфликт цхьалхаяккхар доьхуш Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дахьийта кечдинчу кехатана куьйгяздина 90 610 стага.

КадыровгIара Емельяненко сийсазвар "тесна дита йиш йоцург" лору петицина куьйгяздинчара. Делимханов Адама Инстаграмерчу шен пенатIехь кхерамаш тийсира Емельяненко Федорна, «Кадыровн кIентех хIора хьайн багара даьллачу дашах жоп дала декхаре вийр ву хьо» бохуш. ПIерасканадийнахь йоза дIадайира авторо.

Цул совнаха, Akhmat Promotion директоро Дугазаев Тимура а дIахьединера, "Емельяненкон лелар боьршачу стагах дац", аьлла. Ткъа «Ахьмад» латархойн клубан президенто Висмурадов Абузайда «мила ву Емельяненко, тхан турнирийн, летарийн мах хадо» аьлла яздинера.

Емельяненко бакъварца Сhange.org сайтатIехь кхозу кхаа дийнахь 90 610 куьйг гулдина петици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG