ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лекъна Интернетера дешан маршо а


ГIалгIайчохь чIагIбан беза, коьртачу декъана тIемалойн идеологин дуьхьала болх, иза жигарабаккха беза интернетехь, аьлла дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Евкуров Юну-Бека:

"И болх хаамийн гIирсашна тIехь бу, цара гайта беза шайн архивашкара ХаттабгIара а, БурятскийгIара а, цара дина лелхийтаран а, герз тохаран тIаьхьалонаш а, лазийна, заьIап бисина нах а, церан харцийна дахар а."

Иштта, Евкуровс тIедожийна, социалан машанехь низамхошна "бух а боцуш луьйш берш" къастор а, уьш жоьпе озор а.

ГIуллаккх хир дуй теша, гIалгIайн Iедалша дIадолийначух, аьлла Маршо радионо хаттар делира «Машр» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллин куьйгалхочуьнга Муцольгов Мохьмаде. Цо иштта жоп делира.

Муцольгов: «Цхьа а хIума хийцалур ду аьлла ца хета суна. Муьлххачу а, шаьш реза боцучу стагаца а, оппозицехь волчунца а, тIом беш бу хIорш. И болх даггара лелош бу.

Шайца реза воцург сийсаза а веш телехьожийлехь схьагайтина шортта меттигаш ю. Москохахь хиллачу митингехь дакъалаьцна аьлла, Iедало бакъо еллашшехь, кхаа баттахь гайтира тхо, хIорш лортIехь бац, бохуш».

Шен агIора ГIалгIайчоьнан кхерамзаллан кхеташонан куьйгалхочунна Дзейтов Ахьмадна хетарехь, чIагIам кхин а шорбан беза. Республикан куьйгалхочуьнца шен хиллачу цхьанакхетарехь, цо билгалдаьккхина, махкахь механа нах чу мел битина йолу хIусамашна шаьш талламаш бийр бу, аьлла.

Иза дан деза аьлла хета цунна, 5 де хьалха Гази-юьртахь хиллачух масалла а эцна.

Дагадоуьйту, гIадужу-беттан 7-чу дийнахь, оцу эвлахь а, Насыр-кортехь а, дIаяьхьанчу леринчу операцехь вийнера 6 тIемало.

ХIинца махкахь мел долу цIа талла дагахь бу полисхой. Тамашийна дерг ду, шаьш иза дийр ду бохуш, дIа а кхайкхадой деш хилар. Оцу хIумано а пайда бахьарг хилар тамаш хета гIалгIайн бакъонашларъярхочунна Муцольгов Мохьмадна.

ХIинцалца а иза деш ма дара низамхоша, аьлла тIе а туьхийра цо.

Муцольгов: «Механа дIалуш йолу хIусамаш толлуш-м кхузахь иттех шо а ду. Цхьа а хIума хийцаделла дац. Низаме а ца хьоьжуш, шайна луъург лелош а ду кхузахь».

ТIемало ву аьлла цхьаъ тосавелча, дукха сиха иза ай а дой, дерриге дуьненна дIа а кхайкхош, хьал чIагIдо массанхьа. Ткъа низам лардан дезачара, ларамза делахь а, я леррина делахь а, герз а тоьхна, бехк боцу стаг вийча-лазийча, цунах, ур-атталла комментари эца а хала хуьлу Iедалан дайшкара.

Федералан низамхой а, шайн куьйга кIелахь боллушехь, царна Iаткъам ца бало цаьрга, аьлла кхин дIа а дийцира Муцольгов Мохьмада.

Ала догIу, бакъонашларъярхо ша а ву низамхоша дIавигинчул тIаьхьа жимах волу ваша вайна.

Муцольгов: «Федералан урхаллаш мехкан дена керахь бац, бохург бакъ дац. Иза мехкан антитерроран куьйгалхо ву. Цуьнан гIовс хуьлу ФСБ-н меттигерачу урхаллан куьйгалхо. Дага ма догIий вайна цо, телехьожийлехь охьа а хиъна, дуьйцуш, шена ца хууш цхьа хIума кхузахь хуьлуш а дац, шен урхаллехь ду иза шадерриг, бохуш».

И чIагIдарш ГIалгIайн махкахь юккъедахахь, иштта а кIезга бисинчу бакъонашларъярхошна а, шайн хьежам болчу юкъараллахошна а дуьхьала дерза мега.

Цундела, шайна хуьлучу Iаткъамех дIабоьлла уьш, сема а, кийча а бу цунна.

XS
SM
MD
LG