ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненко Федоран йоI дарбан цIийнехь


КIирандийнахь Москох ММА-н паргIат летарийн союзан куьйгалхочун Емельяненко Федоран йоIана тIелетта бевзашбоцурш, иза школера цIайогIучу хенахь. Оршотдийнахь дарбан цIийне кхачийна йоI. И хаам баржийна «Москохан комсомолец» газетано кхаарийдийнахь. Болчу хаамашца, йоьIан некхаун лазийна. ТIелеттачийн сурт хIотто ца хиина йоIана.

Хьалхо, Соьлж-ГIалахь бераш латийтинчул тIаьхьа, Емельяненко Федора и латарш критике даьхча, кхерамаш тийсинера цунна. Берийн латаршкахь дакъалецира Кадырорв Рамзанан 3 кIанта. Емельяненкос бехкбаьккхира, цу кепарчу летаршкахь I2 шо кхачаза долу бераш хьовсархошлахь а хила дезаш дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG