Оьрсийчоьнан ММА-н паргIат летарийн союзан куьйгалхочун Емельяненко Федоран йоI Мария дарбан цIийнера араялийтина еарийдийнахь, аьлла бу «Интерфаксан» хаам.
«Емельяненко Мария еарийдийнахь дарбан цIийнера араялийтина. Цуьнан могушаллина кхераме хIуммаъ дац», аьлла яздина агенталло. Хиллачух талламаш дIахьо полицино.
Цкъачунна цхьа а кепара пайден информаци гучуяьлла яц боху талламчаша.