Кху беттан 13-чу дийнахь «72 сахьт» аьлла кхаа денна лерина волонтерийн марафон йолийна Чехехь. Оцу бараман Iалашо ю дика гIуллакхаш дар, миччахь а, хьанна а. Коьртаниг, гонахарчу жил-Iаламна а, оцу юкъахь дехачу адамашна а пайда бохьуш хилчхьана. ПхоьалгIа шо а ду и марафон Чехехь дIахьо.
Кху шарахь оцу мехалчу проектехь дакъалоцучу 28, 5 эзар шайн лаамехь арабевллачийн лаам бу 570 мехалчу гIуллакхашкахь шаьш гайта. Ду царлахь хьаннаш, берийн, школан паркаш цIанъяр, синтарш, коьллаш йогIар, автобусийн соьцийлаш кечъяр, Iуналла дан верас воцуш шаьш бехачу къанойн хьашташка хьовсар. Чехин берийн, кегийрхойн гIуллакхийн кхеташо ю оцу марафонан инициатор.
Цуьнан хьесап, ду оцу волонтерийн белха юкъа мел а кегийрхой озар, уьш тешор, церан карахь хилар гонахара хьал дикачу агIор хийцар, тодар. «72 сахьт» марафона гIо лаьцна кху шарахь Чехин гоьбевллачу исбаьхьалхоша, спортхочо Плишкова Каролинас, режиссеро Неллис Алицас, артисташа Кубаржова Вероникас, Валента Матиаша а.
29 эзар волонтеро дакъалаьцнера марафонехь дахначу шарахь.