ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенко: Донбассехь 2.533 эскархо велла


Украинан тIеман 2 эзар 533 эскархо велла Донбассерчу конфликтехь. Еарийдийнахь Киеверчу Богун Иванан цIарахчу тIеман лицейн дешархоша тешаме хила чIагIо ечу мероприятехь Украинан президенто Порошенко Петрос бина и хаам.

Белларш дагалоцуш минотехь тийналла кхайкхийра президенто. УНИАН агенталлин хааршца, карарчу хенахь 56 эзар бIаьхочо чIагIам бина Украинан эскарехь латта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG