ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтон допинг -тестах чекхъяккхар доьху Трампа


Республиканхойн партин цIарах Iамеркарчу президентан харжамийн кандидат Трамп Доналд шекву, дахначу кIиранах хиллачу къийсаршкахь демократийн кандидата Клинтон Хилларис, шен къамел кхиаме хилийтархьама допингах пайдаэцна хиларх.

Кху беттан 2-чу дийнахь рогIера къийсарш дуьйлалучу юкъанна допинг-тестах чекхъялар хьоьху цо Клинтонна. Трампа дийцарехь, къийсарш дуьйлалучу хенахь Клинтон тIехсов хьуьнаре яра, ткъа уьш доьрзучу заманчохь мел а де эшна гора. Республиканхоша хьалхатеттинчу кандидата къийсарш дуьйлалуш дихкинчу молханех кандидаташа пайдаэцна я ца эцна хьажар тIедоьжначу кепехь хила деза, ловзаршкахь спортхошна санна аьлла хета. Клинтонан агIончашна хетарехь, Трамп харжамашна новкъарлоян гIерта. Хаамийн гIирсашкахь дийцаредора, Нью-Йоркехь теракташкахь байина нах дагалоьцучу барамехь, Клинтонна вуон хилар а, белхан гIуллакхана Калифорни яхар а юкъахдаккхар Клинтона, могашаллица доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG