ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан эскарша химин герз тоьхна хилла


Шемин Iедало хан хьалха хлоран газах дуьйлина герз тоьхна хилар Iорадаьккхина химин герз дехкаран Организацино Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташонехь пIераскана. Стохка бIаьста хлоран газца юьйлина бомабанаш кхийсина кеманаша Идлибна гергарчу Кменас юртана тIе, хаамбо артикло.

«Немцойн тулгIе» радиостанцино хаамбарехь, беракеманашна Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь кхийсина и лаьттах кхетча герз газ яржош йолу бомбанаш. 2014-2015-чу шерашкахь хлоран газ а, иприт а яржорна бехкейира Демаьшк Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино. ХIетахь химин герзаца Шемин къилбаседанера Талманес, Кафр-Зейта, Эт-Таманах ярташкара ах эзар гергга вахархочунна, царех 13 лан а леш, зедарна бехкейира Асадан режим.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG