БIеннаш мигранташ, шайн чамданаш а, тIоьрмигаш а карахь, рогIе хIиттина Францерчу Кале-гIалахь, шаьш бехачу четар-гIалара кхечу меттиге дехьабовла. Iедалша сацам бина «джунглеш» олучу ханна мигранташ дIатарбинчу меттигера уьш мелла а гIолечу хIусамашка хьовсо.
МухIажираш дIасабуьгуш бу, полици тергам беш а йолуш. ДIаяханчу буса мигрантийн тобанаша къепедацарш лелийра цу меттехь, полисхошна тIулгаш кхуьссуш а, цхьацца чоьнаш ягош а. И нах реза бац шаьш кхечу меттигашкахь дIатарбарна, хаам бо Reuters.
Францин Iедалша дIахьедар дина, шаьш и меттиг дIакъовлуш ю, нах кхечанхьа дехьа а бохуш, гуманитаран бахьанашца аьлла. 6 эзар ах эзар мигрант дIатарвеш ву Францерчу махкахбевлла нах бехачу центршкахь.
МухIажирашна юкъахь бу тIеман конфликташ йоьлхучу ОвхIанистанера а, Шемара а, Эритрейра а нах. Калехь и нах сатуьйсуш бара Британе дехаьабовла аьтто хиларе. Амма Британин Iедалша бакъо ца ло царна шайн махка бахка.