ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман хьашташна духкучу ахчанан барам алсамбаккха дагахь ю Оьрсийчоь


Политикан карикатура, Олексей Кустовский, 08Гезг.2016
Политикан карикатура, Олексей Кустовский, 08Гезг.2016

Гергарчу кхаа шарахь къоман кхерамазалла ларъяр Iалашонца духку ахча 63 миллиард соьманна алсамдаккха дагахь ду Оьрсийчоьнан Iедал. 2019-чу шарахь цуьнан терахь хир ду ши триллион сом.

Цунах лаьцна хаам бина РБК-но, бюджетан чулацам буьйцучу документана тIе а тевжаш.

РБК-но дийцарехь, гергарчу шерашкахь могашалла ларъярна а, дешарна а хьажийначу ахчанан барам лахлур бу.

Iедалан векалша цкъачунна цу планах лаьцна комментари йина яц. Хьалхо хаама бинера, 2019-чу шаре кхаччалц аьлла кечйинчу бюджетан проект Пачхьалкхан Думе дIалур йолуш ю ГIадужу-беттан 20-чу дийнахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG