ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ходорковский: Путинан режим дIаяларна кечам бан беза Малхбузено


Ходорковский Михаил.
Ходорковский Михаил.

Путинан режим дIаяьлча хин йолчу стратегина кечло аьлла, кхайкхам бина Малхбузерчу политикашка ЮКОС-ан куьйгалхо хиллачу Ходорковский Михаила.

Путина чакхе йоцуш гIулчаш йохур ю Малхбузенца шийла тIом дIахьош, бохучух тешна ву Ходорковский. Гражданийн юкъаралла а йоцуш, мохк дикачу агIор хийцалур бац, амма Оьрсийчоьнан куьйгалхо кийча вац иза дан, боху цо.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду Ходорковскийс «Франкфуртер альгемайне цайтунг» (Франкфуртан юкъара газета -- Frankfurter Allgemeine Zeitung) газетехь язйинчу артиклехь.

Таханлерчу политике хьаьжна доцуш, Оьрсийчоь Европана юкъахь хир ю, иштта бу цуьнан кхоллам аьлла, хета Ходорковскийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG