ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адмирал Кузнецовна" мехкадаьтта дохка реза хиларна НАТО-но критика йина Испанина


Испани -- Порт Сеута (Ceuta), Товб.13, 2002
Испани -- Порт Сеута (Ceuta), Товб.13, 2002

Испанин Iедало хуьйцур бу, кеманаш лелон крейсер "Адмирал Кузнецов" хьалха а долуш, догIуш долчу Оьрсийчоьнан хIордан кеманашна мехкадаьтта дотта Сеута порте дахка царна бакъо луш ша бина сацам. Цунах лаьцна яздо Британерчу The Guardian газето.

Мадридо бинчу сацамна реза йоцуш яра НАТО. Цуьнан тIеман говзанчашна хетарехь, иза догIуш дац Оьрсийчоьно Шемахь лелориг емал дечу Къилбаседа Атлантикан ТIеман Альянсан политикаца.

Хьалхо хаамаш баьржинера, Оьрсийчоьнан хIордан кеманаш Шеман территори тIе бомбанаш етта таро йолу тIеман кеманаш эцна доьлхуш ду аьлла. НАТО-на хетарехь, Шема хьуш долу герз дIакхаьчначул тIаьхьа алсамдаккха мегаш ду Оьрсийчоьно Алеппона бомбанаш а, ракеташ а еттар.

Цхьаболчу хаамашца, Оьрсийчоьнан хIордан кеманаш дIакхача дезаш ду Сеутерчу порте тахана, ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG