ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 шо долчу шен йоIанна кхерам тасарна хан тоьхна Аргунера вахархочунна


Нохчийчоь -- Аргун, 2016
Нохчийчоь -- Аргун, 2016

Аргунера вахархочунна Музаев Iелина цхьа шо ах шо хан кхайкхийна цу гIалачу суьдо. Иза бехке вина шен 14 шо долчу йоIанна кхерамаш тийсарна.

Талламхоша дийцарехь, маларх кхетта а волуш, Музаевс дов дина хилла шен йоIанна, ша иза юьйр ю а олуш. «Кавказский узел» интернет-портало дийцарехь, и кхерамаш туьйсуш цуьнан карахь хилла урс.

Оццу хьостано бинчу хаамца, Музаевс йохийначу бехктакхаман артиклца а догIуш, и зулам дарна уггаре а дукха тухуш дерг ду ши шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG